World News in Chechen

ДогIанаша бохийна "Ведучи" боьду некъ

Нохчийчуьрчу "Ведучи" когсалазийн курорте боьду некъ боьхна даккхийн догIанаш дарна.


И бахьана долуш цхьана ханна дIекъевлина и садоIу меттиг. Цу кепара, юкъахбаьлла карарчу хенахь курортехь дIахьош болу аьхкенан мур.


Некъ меттахIотторан белхаш дIаберза мегаш бу тIебогIучу Гезгмашин-баттахь.


 Кху шеран бIаьста иштта хьал карийнера "Ведучехь" Кавказ.Реалии корреспондентана. 

Читайте на сайте