World News in Chechen

Школашкарчу экзаменашкахь маххадор уггаре лакхадаьккхина Дагестанехь а, Нохчийчохь а

Дагестан а, Нохчийчоь ю школашкарчу экзаменашкахь маххадор уггаре лакхадаьккхинчу Оьрсийчуьрчу регионашна юкъахь, хаам бо "Кавказский Узело". Иза гучудаьлла Рособрнадзор урхалло 40 500 школерчу 5 миллион дешархочо кхушара кхочуш бинчу талламан белхашка хьажча.


Дешархойн хааршна богIуш болу маххадийна ца хилар гучудалла 3 000 школехь.


Цу школашна юкъахь ю Дагестанера 175 а, Нохчийчуьра 132  а школа. Царна тIаьххье йогIуш ю Москох кIошт.

Читайте на сайте