World News in Chechen

Бевзаш боцчу наха йохийна "Эхо Москвы" радион YouTube-ра канал

"Эхо Москвы" радиостанцин YouTube-чу каналана чубоьвлла бевзаш боцу нах. Цара дIаяьхна цу тIехь хилла ерриг а материалаш.


"Эхо Москвы" радион коьртачу редакторо Венедиктов Алексейс дийцарехь, иза хила Москох 2 сахьт даьлчхенахь.


Цу каналан хилла 200 эзар язвалархо. Цу тIехь арайохуш хилла радионо кечйеш йолу программаш, эфире йовлуш хилла студера онлайн трансляцеш.


Венедиктовс бинчу хаамца, и программаш дехьайохур ю "Эхо Общество" канале.

Читайте на сайте