World News in Chechen

Нохчийчохь прокуратуро жоьпе озийна "ВКонтакте" сурт хIоттийна зуда

Устрада-ГIаларчу прокуратуро бехктакхаман гIуллкх долийна меттигерчу яхархочунна дуьхьал. Цунна бехке дуьлуш ду нацистийн символика "ВКонтакте" дIахIотторна. Юьйцург хIун символика ю билгалдоккхуш дац.


Болчу хаамца, цу зудчо йохийна лоруш ю административан бакъо. Вуьшта аьлча, нацистийн атрибутика а, символика а  гайтар а, цунна пропаганда яр а.


ГIуллкх толлуш ду, сацам цкъачунна бина бац, хаам бо Нохчийчуьрчу прокуратуран зорбанан сервисо.

Читайте на сайте