World News in Chechen

Нохчийчура бахархой варе бина орцанхоша Iалам карзахдала мегаш хиларна

Даккхийн догIанаш даро а, онда мох хьакхаро а зенаш дан мега аьлла, варе бина Нохчийчуьра бахархой меттигерчу Орцаллин министраллан белхахоша.


Цара дийцарехь, Iалам карзахдаларан кхерам буьсуш бу Марсхьокху-беттан 20-гIа дене кхаччалц (оршотан де). Оцу юкъанна мох хьакхаран чехкалла хила мега наггахь 25 метр секундехь а хуьлуш.







Йочана бахьана долуш цIеххьана деста мегаш ду хиш. Цхьайолчу меттигашкахь хиш тIедовла мега. Лаьмнашкахь Iовраш хьовда а, токхамаш а хила мега.







 

Читайте на сайте