World News in Chechen

Москох полисхошна герз деттар доьзна дац Нохчийчохь хиллачуьнца

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министрало дийцарехь, Москох, герз а тухуш, полисхошна дина тIелатар доьзна дацара Нохчийчохь кху беттан 20-чохь хиллачуьнца. Цунах лаьцна хаам бина ТААС агенталло.


Хаамийн агенталлаша бинчу хаамца, еарин сарахь Москох 31 шо долчу стага тапча йиттина полицин белхахошна.  Лента.ру хаам барехь, иза ву ГIебартойн-Балкхаройчуьра Кунашев Ренат. Дуьхьал герз а тоьхна, чевнаш хилла иза охьавиллинера клинике. Цигахь и стаг велла.


Цу жимачу стага полисхошна тIелатар даран бахьана хууш дац.


ТIелатар диначехь яьккхина видео зорбане яьккхина талламан комитето.  







 

Читайте на сайте