World News in Chechen

Форбс журналан рейтингехь ву Кадыров Рамзан

Оьрсийчуьра уггар а Iаткъаме 100 стаг вовзийтина оьрсийн Forbes журнало шен агIонехь. Цу юкъахь бу хьаькамаш, бизнесхой, топ-менеджерш, ницкъахой.


Президент Путин Владимир ву коьртехь. ШолгIачу тIегIанехь Сбербанкан куьйгалхо Греф Герман ву. 3-чу меттигехь дIатарвелла Газпроман урхалхо Миллер Алексей.


Цунна тIехьа ву Ронефть компанин куьйгалхо Сечин Игорь.


Премьер-министр Медведев Дмитрий билгалваьккхина 5-чу могIарехь.


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан 91-чу метте ваьккхина.

Читайте на сайте