World News in Chechen

Дозанан раж йохийна стаг лаьцна ФСБ-но Нохчийчохь

Вевзаш воцу вахархо лаьцна ФСБ-н Нохчийчуьрчу дозанан урхаллан эскархоша Чантыбарз олучу дукъехь. Таллам бича гучудаьлла иза меттигера вахархо Мусранилов А. хилар.


Нохчйчуьрчу ФСБ-н урхаллан дозанхоша дийцарехь, цара елла бакъо а йоцуш, дозанна гергахь шен цIийнан хьашташна хьажийна юьртабахаман  белхаш беш хилла иза.


Низам дохийначунна бехке диллина дозанца хIоттийна дозанан раж йохор. Цу стаганна гIуда тоха мегаш ду кхело 30-100 туьма барам болуш, нагахь цу тапйаниг лело мегар дац аьлла, варе а вина иза ца витахь.

Читайте на сайте