World News in Chechen

Титиевн гIуллакх листар къевлинчу роже даьккхина

"Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочуьнан Титиев Оюбан гIуллакх листар къевлинчу роже даьккхина еарин дийнахь Шеларчу кIоштан кхело. И сацам бина суьдхочо прокуроран дехарца. Цуьнца цхьаьна, цхьамогIа полисхоша тоьшаллаш дина дов листар схьайиллинчу рожехь а долуш. Цу хенахь прокурор дуьхьал вацара.

Читайте на сайте