World News in Chechen

Оьрсийчоьно эзарнаш бахархой байина Шемахь

Оьрсийчоьно кху тIаьхьарчу кхаа шарахь Шемахь тIеман операци дIахьош вийна 18 эзар сов стаг. Царна юкъахь 8 эзар гергга маьрша вахархо ву, шайна юкъахь зударий а, бераш а долуш. Цунах лаьцна хаам бина Британехь куп тоьхначу адамийн бакъонаш талхорна тидаме бечу Шеман центро.


Шайн дIахаийтар арахецна бакъонашларъярхоша Оьрсийчоь Шемарчу конфликтана  юкъагIоьртина 3 шо кхачарца доьзна. Цара билгалдаьккхина дуьненаюкъаралла гIорасиз хилар, Москохна Iаткъам бан.


Бакъаонашларъярхоша кхайкхам бина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан кхерамазаллин кхеташоне, Шемахь тIеман зуламаш динчу нахана йогIуш йолу кхел яйтар доьхуш.


 

Читайте на сайте