World News in Chechen

Митинган векалшца кхеташо дIаяхьа дагахь ву Евкуров

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека Нохчийчоьнца доза къасторан комиссин декъашхошца кхеташо дIахьура ю Магасехь. Цига кхайкхина бу митингехь лаьтташ болчу нехан векалш.​


Цунах лаьцна хаам бина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнан сайта тIехь. Кхеташо хир ю кхаарин дийнахь (ГIадужу-беттан 17-гIа де).


Республикан юкъараллин векалшца цу хьокъехь барт бина шинарин дийнахь, Оьрсийчоьнан президентан векало Матовников Александра а, Оьрсийчоьнан президентан администрацин векло Ярин Андрейс а дакъа а лоцуш. Кхеташоне кхайкхина ву 8 стаг.


 


 


 

 

 


 

Читайте на сайте