World News in Chechen

Шема воьдучунна ахча гулдарна 16 шо хан тоьхна кхело

Къилбаседа Кавказан тIеман кхело еаридийнахь набахтехь даккха 16 шо хан кхайкхийна 31 шо долчу Зубайраев Бекханна. Иза бехкево Шемарчу даIишхошца зIенашкахь латтарна, хаамбина RostovGazeta хьосте кхелан секретаро Катькало Аленас.


Австрехь набахтехь ша валлочу заманчохь Шема ваха кечамбечу Сулеймановна ахча гулдеш хилла цо Телеграмехула. Дерриг а Зубайраевс Соьлжа-ГIала хьажийнарг ду 600 евро ахча. Бехк тIе ца лоцу Зубайраевс.


Австрехь тоьхна хан яьккхинчул тIаьхьа Оьрсийчу дIахьажийна хилла иза.


 

Читайте на сайте