World News in Chechen

ШариIатца дов къасто кхайкхинера Даудовс ГIалгIайчуьра вахархо

Магасехь митинг вовшахтоьхначу Барахоев Ахьмадца цхьанакхета ваханера кхаарин буса Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад. "ГIалгIайчоь 2018" хьостан Телеграм каналехь Кадыров Рамзанна критика йинера Барахоевс. Цо дийцарехь, "шариIатца къастамбан" Соьлжа-ГIала кхайкхинера иза, амма жигархочо дуьхьало йинера.


Нохчийчоьнца дозанаш къастош бартхиллачул тIаьхьа, дуьхьалбевллачу гIалгIашна нохчийн Iедалхоша Iаткъамбеш дуьххьара дац.


Хьалхо Инстаграмерчу шен агIонехь  Кадыров Рамзана хааме даьккхира, ГIалгIайчоьнан вахархочунна Яндиев Давудна ша къинтIераваларх, цо шега а, нохчийн къоме а гечдар дехначул тIаьхьа.

Читайте на сайте