World News in Chechen

ГIалгIайчохь зуламаш лелийначарна дина таIзар хийцам боцуш дити

ГIалгIайчуьрчу  экстремизмца къийсам латточу Центран (ЦПЭ) а, къайлахчу сервисийн а ворхI белхахочунна кхайкхийна таIзар хийцам боцуш дитина Къилбаседа Кавказан тIеман кхело. Уьш бехкебора нах байарна а, лецначарна тIехь Iазап латторна а, кхи а цхьа могIа зуламашна а. Налчикерчу тIеман кхело хьалхо церан хьокъехь бина сацам тIечIагIбина еаридийнахь суьдхоша аьлла, хаамбина кхелан пресс-гIуллакхочо Катькало Аленас.


Карладоккху, Налчикерчу кхело набахтехь даккха 7 шо тоьхнера ЦПЭ-н куьйгалхочунна Хамхоев Тимурна, эпсаран даржах а воккухш.


Арахь даккха кхо шо туьйхира цуьнан гIовс лаьттинчу Хандогин Сергейна. Центран белхахочунна Безносюк Андрейна 6 шо кхайкхийра, подполковникан даржера а воккхуш.


5, 5 шо кхечира Аспиев Iийсана, ткъа 10 шо хан туьйхира Беков Алиханна. Сунженск кIоштан полисхойн декъан куьйгалхочунна Беков Мохьмадна чохь даккха 3 шо кхайкхийра, подполковникан чинах а воккхуш. Къайлахчу сервисийн хиллачу белхахочунна Цороев Мустафана 5 шо туьйхира.


 

Читайте на сайте