World News in Chechen

Алтамиров Оьрсийчоьне дIавелла Боснин, Герцеговинан Iедалша

Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша дIавехна нохчо Алтамиров Ахьмад дIавелла Боснин, Герцеговинан юстицин министралло. "Vayfond" (Швеци) гIоьналлин организацин векало Садулаева Аминас бина и хаам "Кавказ.Реалии портале".


"Ши де хьалха дIавелла иза. ДIавала ца магош адамийн бакъонашкахула йолчу ООН-ан Комитетан сацам боллушехь экстрадици йина цунна", - аьлла цо.


Информаци бакъйина адвокато Оболенец Алексейс а. Боснин, Герцеговинан Iедалхойн сацамна латкъамбинера ООН-ан Комитете Алтамировн адвокаташа. 


Цо бахарехь, 2013-чу шарахь Оьрсийчуьра араваьлла Алтамиров Истанбулехь дIатарвелира. Цигахь цхьаннан доларчу компанехь белхаш беш хилла ву иза. Стохка бIаьста Сараево веанчахь дIалаьцнера Алтамиров Интерполехула лоьхуш ву аьлла, яздинера Маршо Радионо.


"Цхьана а кепара тоьшаллаш дац иза Шемахь хиларан. Амма Боснин Iедалша къестош ца Iаш, цунна экстрадици еш сацамбира", - дийцинера адвокато портале.


 

Читайте на сайте