World News in Chechen

Нохчийчуьрчу яхархочуьнан латкъам  къастор бу Старсбургерчу кхело  

Францерчу Страсбургехь куп тоьхна йолчу Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоьнан Iедалшка хаттарш хьажийна, 2015-чу шарахь гергарчара бераш дIадаьхначу Нохчийчуьрчу яхархочо Тапаева Луизас бинчу латкъамца доьзна.


Страсбургехь хета цуьнан доьзал кхио йолу бакъо йохийна аьлла. Цунах лаьцна хаам бина "Правовая инициатива" проекто.


Тапаевас доьхург ду 4 бер схьадерзош накъосталла дар. Цуьнан хIусамда велла 2015-чу шарахь, ткъа мардас бераш дIа а даьхна, кертах яьккхина иза. Цу зудчо меттигерчу кхеле делла хилла и гIуллакх, амма суьдхой тIехIиттина берийн дедена. И сацам хийцина Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело, делахь а бераш дIа ца делла Тапаевага.

Читайте на сайте