World News in Chechen

ДоттагIаллин арка йир ю Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанехь

Полисхойн даима а лаьтташ хилла посташ дIаяьхна Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанера. Церан метта сацам бина леррина арка ян. Цуьнан Iалашо хир ю меттигерчу бахархошна ши къам вуно гергара хилар дагахь латтор.


Цу хIолламан цхьана агIор яздина хир ду Нохчийчоьнан Теркйист кIошт, ткъа вукха агIор хир ду – ГIалгIайчоьнан Малгобекан кIошт.


Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанехь арка кхолла сацам бина, шина республикан куьйгалло дакъа а лоцуш, цу территорешна юкъахь доттагIаллин юкъаметтигаш чIагIъян.

Читайте на сайте