Оьрсийчуьрчу 6 хьоладена дуьхьал санкцеш йохуш ю Великобританис
Солсбери гIалахь хилла инцидент бахьана долуш Лондоно санкцеш тухуш ю Оьрсийчохь гоьбевллачу хьоладайшна. Оцу хьокъехь Британин къайлахчу сервисаша кечдина тептар къобалдина Великобританин премьер-министро Мэй Терезас. "Интерфакс" агенталло яздо цунах, Британин The Daily Telegraph газетана тIе а тевжаш.
Тептаре язвина Абрамович Роман, Дерипаска Олег, Усманов Алишер, Ротенберг Борис а, Аркадий а.
"Великобританехь а, Европехь а, кхечу пачхьалкхашкахь маьршша дIасалела а, болхбан а царна дехка Iалашонца хIоттийна и тептар", - аьллачу британхойн Iедалшкарчу хьостан дешнаш даладо хьостано. Массо а пачхьалкхийн департаменташка а кхачийна, Великобританин Европерчу а, Къилбаседа Iамеркарчу а агIончашлахь даржор ду и тептар, "дIасалела а, шайн бизнес-импереш латто а" церан ницкъ ца кхачийтархьама.
Британин хьостаца къамел динчо билгалдаккхарца, "оцу нехан уллора профессионалан а, ахчанашца а юкъаметтигаш ю латтош" Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца.
Кху шеран Зазадоккхучу-беттан юьххьехь Британерчу Солсбери гIалахь дIовш деллера ГРУ-н хиллачу эпсарна Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIна а. СкрипальгIарна делла нервнопаралитикан "Новичок" дIовш Оьрсийчохь арахецна ду аьлла, дIахьедира Британин премьер-министро Мэй Терезас. Москоха бекх тIе ца лецира.