World News in Chechen

Митингашка кхиазхой ийзор доьхкуш ду пачхьалкхан Думас

Iедалца дага а ца буьйлуш хIитточу протестан акцешка кхиазхой ийзочарна жоьпалла тIедожош низаман проект листина пачхьалкхан Думано 3-чу ладегIаршкахь. Кегийрхой юкъа а балош, митингаш вовшахтучарна 50 эзар соьме кхаччалц гIуда тухур ду, я 15 де а, буьйса а чохь доккхуьйтур ду.


Навальный Алексейс вовшахтоьхначу антикоррупцин митингехь кхиазхоша дакъалаьцначул тIаьхьа Думе кховдийра цу кепара низаман проект.


Цуьнан авторша чIагIдо, оцу бехкамаша могушаллина зен дечух Iалашбийр бу кхийзхой бохуш.


 


 

Читайте на сайте