World News in Chechen

Керлачу шен иллехь Хьабиб хьахийна Тиматис

Керла араяьккхинчу шен трекехь UFC-н чемпионца Нурмагомедов Хьабибца хилла конфликт хьахийна Оьрсийчоьнан рэперо Тиматис.


Шаьшинна юккъехь дов дац аьлла, къадам бина цо. Ишта дешнаш ду цуьнан илли юкъахь: "Салам, Дагестан, проблемаш яц Хьабибца". 


Хьалхо Дагестанехь Тиматин накъостан Крид Егоран концерт юкъахъяьккхича, социалан машанашкахь  Нурмагомедовс комментари йитинера: "Доккха зен дацара иза-м" аьлла.


ХIетахь Тимати Крид Егорна тIехIоьттича, конфликт иккхира Нурмагомедовна а, Тиматина а юкъахь.


Инстаграмерчу шен пена тIехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаамбира, латархочунна Нурмагомедов Хьабибна а, иллиалархочунна Тиматина а юкъахь ша бартбина аьлла.


 


 

Читайте на сайте