World News in Chechen

Да-нана, гергарнаш буй хьакъ, шайн стагера даьллачух жоп дала?

ГIуран-беттан 17-18-чу деношкахь полицица лилхинчу тIематасадаларшкахь беллачийн гергарнаш еххачу хенахь полицин декъехь лецна латтийра, зуьйш, лебеш, толлуш.


Низамашка диллича, цхьана а хIуманна бехкебоцу оцу тIелатаршкахь беллачийн нах полицин декъахь латточу муьрехь, муфитиято а, юкъаралло а гуламаш дIабаьхьира уьш бехачу ярташкахь, гIаланашкахь.


Цара кхайкхамбира бахархошка, зуламхойн гергарнаш, тайп-тукхамера нах махкахбахаре.


Кхаарийдийнахь Iедалан бIаьрг тIе хIоьттина, юкъаберзийна 2006-чу шарахь дIакхелхинчу тIемалойн хьалханчан Мускиев Iийсанан гергара нах.


Мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцарехь, веллачу Мускиевн гергарнаш махкахь юха а цIий Iано кечамбеш хилла.


Шуна хIун аьлла хета, бехк буй ден-ненан доьзалхо церан лаамера ваьлча?


КIантера, йоIера вониг даьлча, такха дезий таIзар церан гергарчара а, тайпа-тукхамо а?


 







 

Читайте на сайте