World News in Chechen

Назарбаевн цIарах урамийн цIераш хуьйцуш ю кеп-кепарчу оьрсийн гIаланашкахь

Кхааридийнахь президентан дарж охьадиллинчу Казахстанан урхалхочун Назарбаев Нурсултанан цIарах масех гIаланашкарчу урамашна цуьнан цIераш тохкур ю аьлла, хаамбина шахьарийн Iедалхоша. Усть-Каменогорскерчу а, Павлодарерчу а, Уральскерчу а, Шымкентерчу а, Петропавловскерчу а урамийн цIераш хийца сацамбина хIинцале а.


Ханна президентан декхарш кхочушдан къобалвинчу Токаев Касым-Жомартан инициативаца, Казахстанан парламент реза хилла пачхьалкхан шахьаран Астана цIе Нурсултан аьлла, хийца.


30 шарахь гергга президентан даржехь лаьттира Назарбаев Нурсултан.

Читайте на сайте