World News in Chechen

Нохчийн меттан орфографин дошам кхолларан болх болийна Нохчийчохь

Нохчийн мотт ларбаран а, иза кхиоран экспертийн кхеташонан декъашхоша Соьлж-ГIалахь йийцаре йина нохчийн меттан орфографин дошам кхолларан план, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.


Цара тIечIагIбина нохчийн меттан орфографин цхьаболчу барамашна кодификаци ярехула а, орфографин дошам арахецарехула а йолчу лерринчу тобанан декъашхой.


Соьлж-ГIаларчу кхеташонехь дакъалецира нохчийн меттан говзанчаша а, яздархоша а, журналисташа а, нохчийн меттан хьехархоша а, Iедалхоша а, Нохчийчоьнан Iилманан академин векалша а.


Нохчийн мотт ларбар а, иза кхиийтар а Iалашонца экспертийн кхеташо кхоьллинера маситта шо хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Говзанчаш дийцарехь, нохчийн мотт кхиоран коьрта хало ю йоза деш лело еза билгалбаьхна барамаш а, бакъонаш а цахилар. 


  


  

Читайте на сайте