World News in Chechen
Январь
2014
1
2
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28

Новости за 30.01.2014

Radiomarsho.com 

Джамурзаев Адам: Са чIогIа нах хиллера нохчий...

82 шо долчу Джамурзаев Адама (Энахишка - Серноводск) шен дахарехь лайначу баланийн кочарахь ду Сибрехахь даьккхина 13 шо а. Цо дагалоьцу Сталинан Iедало вайнах бохорах а, Юьккъерчу Азехь хIаллак ца хила гIерташ шен доьзало хьегначу халонех а лаьцна. Видео Елхоев Лечин/ Маршо Радио.

Radiomarsho.com 

Зубайраева Банати: Дала юха ма яийтийла и зама!

Вайнахана Сталинан Iедало юьйлинчу баланийн кохьарахь аьхьна дуккха а мехкарийн кхолламаш. Бераллера дIа, цхьа а къоналла а, цунах марзо эца а ца магош, къаналле кхийсира замано нохчийн зудабераш. ...Амма Казахстанехь хьегнарг-м хиллера, кхузаман луьраллаца дуьстича, тоьлла зовкх. Иштта, самалхе цхьа а мур а боцуш, дирзина я доьрзуш лаьтта Банатин хенарчу нехан дахар. Елхоев Лечин видео/Маршо Радио.