World News in Chechen
Октябрь
2014
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
29
30

Новости за 31.10.2014

Radiomarsho.com 

Донбасс тахана

Фотожурналист Шеломовский Петр Украинехь болх беш ву Майдан тIехь гуламаш болабелчхьана дуьйна. Киевехь хилла кIуркIмани, мехкан малхбалехь бина болу тIемаш, Малайзера чудаийтина долу Боинг-777 -- оцу массо хIуманан сурташ даьхна Шеломовский. Тахана оха шун тидаме бохку журналистан керла белхаш. ХIара галерей кечъйина «Настоящее время» телеканало.

Radiomarsho.com 

ТIемайолу машен йина Австрера говзанчаша

Деношкахь Венехь гойтуш яра 400 кг бен йозалла йоцу аэромобил. Жима елахь а, хIаваэхь 700 км/сохьтехь йоьду керла машен. Инженерша дийцарехь, 100 километрана 7.5 литр ягорг тоьа цунна. Цхьана хIуманна сагатдеш бу машен вовшахтесна болу говзанчаш: тIема яла, аэромобилна оьшу лаххара 200 метр некъ. Иштта дукха меттиг массанхьа ца хуьлу. (Reuters гIазкхийн маттахь)