World News in Chechen
Декабрь
2016
1
2
3
7
10
12
13
14
18
20
22
23
24
26
27
28
29
30
31

Новости за 08.12.2016

Radiomarsho.com 

Саидов Билал. Ненан мотт

Билал Саидов  Ненан мотт Хьох лаьцна яздина, Дийца а дийцина. “Хьайна безахь”,бохуш, Хьеха а хьо бина. Хьехорах пайда буй, Хьо хууш ца хилча? Хьо бийца хуур дуй, Хьо безаш ца хилча? Хьо бийца Iемар вац Дагна хьо ца безарг. ЮьхькIайн а лелар вац Хьо бийца цахуург. Нехан говра хиъна Вон бере шех хилла, Кхардамехь вехар ву Хьо хийра леринарг. Хьо безаш волчунна Пондаран аз ду хьо, Хьайца уьйр йоцчунна Гихь беза мохь бу хьо. Хьо хууш волчунна ЖовхIарийн хIонс ю хьо, Хьайца шовкъ йолчунна Чам тайна стом бу хьо. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Саидов Билал. Ма къега сел сирла

Саидов Билал Ма къега сел сирла   Ма къега сел сирла, ДIавовр ву хьо, олу. Ма вага сел вовха, Чим хир бу хьох олу. Ма хила сел сиха, Са хедар хьан, олу. Оьший ткъа и хьехарш Со хезаш ца хилча, Лаьтта тIехь лар йита Серло оьшу суна. Халкъана дIаяла Йовхо оьшу суна. Декхарехь ца виса Сихо еза суна. Даймехкан хьашташца Ларо лаьа суна. Вагарах ларвелла, Сайх мура хуьлучул, Нур хилла кхирстина, Чим хила реза ву. Са хадарх кхийрина, ГIийла йорт еттачул, Сайн халкъана ваьцна... Читать дальше...