World News in Chechen
Январь
2018

Новости за 28.01.2018

Radiomarsho.com 

Дуьне а, Нохчийчоь а -7 ДЕ

СагIа декъначу гIалгIачунна ца лиина ша вовзийта. Туркойчоьно курдошца тIом болийна. Дукхахболу бахам бу 1 процент нехан карахь. Чехин президент висина Земан. 40 гергга нохчочунна депорт йина. Iаьнан курорт «Ведучи» схьайиллина Итум-кхаьллан лаьмнашкахь. Уьш а, кхидолу а тIаьххьарчу 7 дийнан керланаш.

Radiomarsho.com 

Титиев дIахецар доьхуш Соьлж-ГIалахь пикет дIаяьхьна Собчака (видео)

Телевизионан журналисто, Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь кандидат йолчу Собчак Ксенияс, Соьлж-ГIалахь пикет дIаяьхьна "Мемориал" бакъонашларъярхойн центран Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб дIахецар доьхуш.   Титиев лаьцна ву Iедалша, цуьнан машена чохь наркотикаш карийна аьлла. Дуьненаюкъарчу дош лелачу бакъонашларъярхойн вовшахтохараллаш кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалша, иза дIахеца аьлла. "Мемориалана" хетарехь, Титиевна дуьхьал кхоьллина бехктакхаман гIуллакх харцонца вовшахтоьхна ду. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ФСБ-н дехарца лоьхуш волу нохчо лаьцна Украинин дозанхоша

Интерполе лехаме велла волу 24 шо долу нохчо Бельтоев Ислам лаьцна Укранин дозанхоша Борисполь кеманиийн портехь. Иза Цига кхаьчна хилла Бангкокера Истанбулехь кема а хийцина Киеве вогIуш. Цунах лаьцна хаам бо "Кавказ.Реалиино", адвокатана Ермоленко Александарна тIе а тевжаш. Ханты-Мансийскан автономан гонехь йолчу Мегион гIалахь вехаш хилла Бельтоев Интерполо лоьхучу нахана юкъатоьхна хилла, Оьрсийчоьнан ФСБ-н дехарца, иза бакъонца йоцучу тIеман тобанан декъашхо хилла аьлла.