World News in Chechen
Август
2018

Новости за 26.08.2018

Radiomarsho.com 

Бехктакхаман гIуллакх долийна Италин министрна дуьхьал

Италин Iедалша кIирандийнахь бакъо елла Сицилерчу Катания гIалан портехь лаьттачу Diciotti хIордан кемана тIера охьабисса Африкерчу пачхьалкхарчу мухIажирашна. Иза хилла, Католикийн Килс а, Албанин а, Ирландин а Iедалш а мухIажираш тIеэца реза хиллачул тIаьхьа. Пхеъа дийнахь сов и нах латтийра кемана тIехь Италин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Салвини Маттеос. Сальвини ву "Лига" олучу мухIажирашна дуьхьал яьллачу популистийн партин векал. Цо чIагIдора, цкъа дуьххьара кхечу пачхьалкхаша дош дала деза и нах шаьш тIелоцур бу аьлла, бохуш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нурмагамедов: вайнах даим вайца бу

Дагестанера ММА-н латархо Нурмагомедов Хьабиб кIел ца таьIна ша карзахваккха гIерташ ирландхочо Макгрегор Конора яздинчунна. Нурмагомедовн да "вегош волу кIилло" ву аьлла, яздинера цо шен instagram агIонехь.   Цул тIаьхьа Макгерора яздира Нурмагомедовх лата кечлуш шена гIо деш джиу-джитсух латархо Нохчийчуьра Магомадов Аюб хиларх лаьцна.   Цу посташна жоп луш Инстаграмерчу шен агIонехь иштта яздина Нурмагомедовс: "Iуьйранна самаваьлча кхийтира cо: тхоьца воцург, иза тхоьца воцуш ву, вайнах даим вайца бу. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нурмагамедов: Вайнахаш даим вайца бу

Дагестанера ММА латархо Нурмагомедов Хьабиб къел ца таьIна ша карзахваккха гIерташ ирландхочо Макгрегор Конора яздинчунна. Нурмагомедовн да "вегош волу кIилло" ву аьлла, яздинера цо шен instagam-чу агIонехь.   Цул тIаьхьа Макгерора яздира Нурмагомедовх лата кечлуш шена гIо деш джиу-джитсух латархо Нохчийчуьра Магомадов Аюб хиларх лаьцна.   Цу посташна жоп луш Instagam-чу шен агIонехь иштта яздина Нурмагомедовс: "Iуьйранна самаваьлча кхийтира cо: тхоьца воцург, иза тхоьца воцуш ву, Вайнахаш даим вайца бу. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

RT America телеканало 7 баттахь дайина $21,2 млн

RT America (Оьрсийчоь Тахана - Iамерка) телеканалана программаш кечйечу T&R Productions олучу Iамеркерчу компанино стохка Лахьан-беттан (Ноябрь) 1-чу дийнахь дуьйна кху шеран Стигалкъекъа-беттан (Май) 31 дийне кхаччалц дайина 21 миллион 200 эзар доллар. Цунах лаьцна хаам бина цу компанино Iамеркан юстицин министралле, яздо "Гордон" портало. Кхечу пачхьалкхашкарчу агентех лаьцначу низамца а догIуш, T&R Productions декхарелахь ю хIора эха шарахь Iамеркин Iедалан структурашка ша бечу балхах лаьцна хаам бан. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Велла Iамеркан сенатор Маккейн Джон

Iамеркехь велла сенатор Маккейн Джон. Иза вара Вьетнамехь хиллачу тIеман турпалхо, цкъа цул тIаьхьа цуьнах хилира Iамеркан уггаре а Iаткъаме болчу политкех цхьаъ. Маккейн вуно дуьхьал вара Путин Владимиран политикан рожана. 2007-чу шарахь цо дIахьедар дира, Москох дуккха а кхераме ю дуьненаюкъарчу кхерамазаллина, "Исламан пачхьалкхалла" а аьлла. Оццу хенахь иза вевзаш вара Сенатехь (Республикан партин цIарах сенатор) дийцарш дан, хIоьттина чолхе хьал дIадерзо маслаIат лаха кийча волу стаг санна. Читать дальше...