World News in Chechen
Июнь
2019

Новости за 22.06.2019

Radiomarsho.com 

ХIинжа-ГIалахь пикет тергалъеш лаьтта журналисташ лецна полицино

Лаьцна латточу "Черновик" газетерчу белхахочун Гаджиев Iабдулмуминан агIолоцуш хIоттийна пикет тергалъян баьхкинчу журналистех 8 стаг дIавигира полице тахана. Хилларг иштта ду. Шахьарарчу Советан кIоштан полице вигина «Дагестанан кегийрхой» газетан коьрта редактор Iийна Абашилов Шемал. Мехкан прокуратурина хьалха пикет дIахьош лаьтташ лаьцна иза. Цул тIаьхьа хьал тергалдан а, иза прессехь довзийта а баьхкина журналисташ шаьш а хIиттина кIоштан полицина хьалха пикете. Полисхоша, шайн «хьаькамо къамеле кхойкху... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыров: Протест Гуьржийчохь Цхьаьнатоьхначу Штаташа гIаттийна

Цхьанатоьхначу Штаташа, Малхбалено кхача луш, кхиийна политикаш баьржина Гуьржийчохь, цара шайна коьртаниг лору Гуьржийчоьнний, Оьрсийчоьнний юкъа мостаг1алла диллар, яздина шен телеграм-каналехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Абхази а, Къилба ХIирийчоь а Гуьржийчоьнах дIакъастар къобалдечу оьрсийн Пачхьалкхан Думин депутат Гаврилов Тбилисе Парламентийн юкъарчу керста ассамблеян кхеташоне вар ца тайначу гуьржаша эккхийтина протест ишта туьду Кадыровс. "Дерриг дуьнетIехь ларамца тIеоьцу арахьара еана делегаци... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Полисхошна йиттина аьлла, нах лецна ГIалгIайчохь

ДIадахначу кхаарийдийнахь республикан дарбан цIийнахь полисхошна тIелетта аььла, лаьцна виъ стаг. Лецнарш бу Сурхо-ХитIера, Эккажакъонгий-Юьртара, Несарара 24-47 шераш долу божарий. Цара кхочуш ца дина, низамца а догIуш, полисхоша шайга ден аьлларг, боху мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло баржийначу хаамо. ПIераскан дийнахь оцу веанна дуьхьал бехктакхаман дов айдина, дарбан цIенна хадеш хиллачу Iедалхошна еттарна, боху ГIалгIайчуьрчу Талламан комитетан урхалло шен пресс-релизехь. ТАСС агенталлехь йолчу информацица... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Гуьржийчу кеманаш лелийта йиш яц «Оьрсийчоьнан бахархошна тIехь кхерам а лаьтташ», боху Кремло

Оьрсийчоьнан президентан пресс-гIоьнчас Песков Дмитрийс довзийтира Гуьржийчу кеманаш лелийтар меттахIотто оьшург – «Оьрсийчоьнан бахархошна т1ехь лаьтта кхерам дIабаккхар». Иза цо элира пIераскан сарахь РБК агенталле. «Гуьржийчуьра хьал меттахIотта деза, дIабаха беза цигахь вайн бахархошна духьаллаьтта кхерамаш», Песковс алар доцург, хууш дац муьлхачу битамаша гойтур ду цо буьйцу кхерамаш дIабевлла хилар. ПIераскана Путин Владимира арахецначу омрица а догIуш, Оьрсийчоьнан авиакомпанешна тIебогIучу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Марроу Эдвардан цIарх долу совгIат делла Маьрша Европа Радио/ Маршо Радиона

Маьрша Европа Радио/ Маршо Радиона Марроу Эдвардан цIарх долу совгIат делла Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь шен хIусам латточу терахь-информацин эфиран Ассоциацино. «Мултимеди» номинацехь и совг1ат кхачадо хаамийн программаш кхуллуш лаккхара техникан кхиамаш баьхначу а, пайде кепаш карийначу а, болх эвсарбаьккхинчу а телегойтийланна. Маьрша Европа Радио/ Маршо Радионо, номинаци къовсуш, жюрин кхеле бехкинера «бархат революцех» а, газ дIасакхачочу Nord Stream 2 биргIан асанах а, Советан пачхьалкх... Читать дальше...