World News in Chechen
Август
2019

Новости за 13.08.2019

Radiomarsho.com 

Къена зуда-майра дийна нах лоьху ХIирийчохь

БуритIерачу йистонца шайн хIусамехь дийна карийна къена зуда а, майра а. Зулам дина кху беттан 10-чу дийнахь. И шиъ ницкъаша, етташ дийнийла гойту билгалонаша. "Урс детташ вийна шиннах цхьаъ - воккха стаг. Ши адам дерца доьзна бехктакхаман гIуллакх гIаттийна", - элира "Кавказ.Реалиига" Къилбаседа ХIирийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин пресс-гIоьнчалло.

Radiomarsho.com 

Хакимова Байсет яларх долу дов талламчашка дижадайта реза яц прокуратура

Соьлж-ГIалахь цIийнан 12-чу гIатт тIера чу а йоьжна, йоккха стаг Хакимова Байсет яларца доьзна айдина бехктакхаман дов дIакъовла сацам бина талламо. Амма бохам толлуш ца зийна, цомгуш яра я яцара и зуда, ца лебина цо лечу дийнахь телефонехула къамелаш дина нах, боху дов дуьззина талла юхахьажийначу прокуратуро. Прессо бахарехь, мехкан шахьарахь машена кIел а нисъелла, елла Аьрга-Хишкара яхархо. Амма талламчаша иза бакъдац, аьлла доа дIакъовлуш. Маршо Радионо дийцира хьалхо, Хакимова Байсет машена хьашна хилар къайладахьа гIерта Iедалхой... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Таркхойн хIорда тIехь долийначу тIеман Iаморашка араваьккхина эзар эскархо

ХIордан эскаршкара 1000 салти а, 300 тIеман техника а ю дакъошна герзаш карадерзош Дагестанерчу полигонехь дIахьочу тактикан Iаморашкахь, хаамбо "Интерфаксо", Къилба федералан тIеман гонан пресс-гIоьнчаллина тIе а тевжаш. МостагIчун иччархой-диверсанташ тIелетча Дагестанера хIордайист Iалашъян Iамош ду эскарш. ХIорда чуьра берда тIе а биссина, тIелата тарлучу десантхошна дуьхьаллаттар ду инарлаша эскархошна карадерзо дагалаьцнарг.

Radiomarsho.com 

Дуьненан рекорд: пресс тIехь 2085-зза хьала-охьатаьIина Кхарачой-Чергазийчуьра кIант

БархI шо ду 2 сахьтехь пресса тIехь хьала-охьатаьIаш рекорд яьккхинчу Кхарачой-Чергазийчуьрчу Кызыл-Юьртарчу школин шолгIачу классерчу Джемакулов Мухьаммадан. Махкахь дIаяьхьначу рекордийн фестивалехь тоьлла гайтина шаьш кхин а итт къоначу спортхочо.  Яьхна рекордаш ехха вота еттарца а, хьала-охьахаарца а, йозаллаш айарца а, говр хахкарца а, кхечу хьуьнаршца а. Цхьана дийнахь оццул дукха рекордаш хIитторца биглалбаьлла Кхарачой-Чергазийн мохк Оьрсийчуьрчу Гиннесан рекордийн тептара язбийр бу, хаамбо "Комсомольская правда" газето.

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIала, тIом болуш а, хIинца а

ТIеман хан ю кху суьрташ тIехь. Шина тIамо ерриг а санна йохийра Соьлж-ГIала. 1995-чу шарахь суьрташ даьхна меттигаш тахана муха лаьтта хьажа вахара фотограф. Кхин гира цунна хьал 2019-чу шарахь.

Radiomarsho.com 

Амирханов Ахьмад, онколог, гIиргIазойн дозалла

Нохчо ву, берраш а санна, ГIиргIазойчуьра онкологаш Iамийнарг – Амирханов Ахьмад, баккъал а Дала дашо куьйгаш делла лор. Бишкекерчу онкоцентрехь а, лоьрийн академехь а болх бан лараво иза. …1990-чу шерашкахь Нохчийчу, шен дайн баьхначу махка веана, цигахь пайде хила гIоьртира Ахьмад, амма Iедало тергал а ца вина, ГIиргIазойн пачхьалкхе юхавеара. Ткъа кхин сурт ду кхузахь – Бишкеко доладо рак кхеттачу нехан, мехаза йо царна диагностика, аьтто бо цомгушчунна лоьралла деш. Амирханов Ахьмада оцу лазарх дукха гIиргIазой хьалхабаьхна... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь дагестанхой байар Дагестанехь листийта реза яц Оьрсийчоьнан Лакхара кхел

Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело ца магийна Нохчийчохь 8 дагестанхо вер кхечу регионан кхеле листийта. Байина дагестанхой бехкебина Нохчийчохь полисхошна тIелатарна. Гергарчара чIагIдарехь, веле массех де хьалха, шайн цIера лачкъийна хилла барххIе а дагестанхо. Оцу хьокъехь хаамбо телеграм-каналехула адвокато Сабинин Андрейс, боху "Медиазоно". Байинчийн гергарнаш а, церан адвокаташ а ца теша Нохчийчуьрчу кхело ша дов луьстуш нийсо йийриг хиларх, цара цундела дехнера Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхеле гIуллакх Дагестанан кхелахошка далар. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIайн йоьIан могашалла меттахIуттуш ю куьг дIадаьккхинчул тIаьхьа

Дейишас йиттинчул тIаьхьа дарбан цIийне йиллинчу гIалгIайн йоьIан, ворхI шо долчу Ажигова Iайшин могашалла меттайогIуш ю. Амма йисина иза голлелц куьг доцуш. Куьг а, белшан дакъа а дIадаьккхинчул Iтаьхьа йоI къамел дан йолаелла, толуш ю, хаамбина Москох хирургин Iилман институтан пресс-гIоьнчалло. Байначу беттан 4-чу дийнахь кхачийра Iайша Несарарчу лоьрашна тIе. ДегIа тIехь ягийна ларш, хене евлла чевнаш, телхаш лаьтта дилх дара беран. Де даьлча Москох йигира иза. ЙоIана тIехь къизалла латтийна дейиша... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Ша Кадыровна аьлларг юхаэцна Шевченко Максима

Журналиста Шевченко Максима ша аьллачу "кIон дешнашна" шена къинтIера валар дехна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане. Шен YouTube-каналехула Шемал-имамах лаьцна дицинчунна Кадыров "дохковаьлла" аьллера Шевченкос. Амма иза эфир йина воллушехь, телефон тоьхна цуьнга, цо ша бахарехь, Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада, "товш доцу дешнаш" аларна бехк а боккхуш. "Со, кхеташ ду, кийча ву айса аьлларг юхаэца", - аьлла Шевченкос. "Чечня сегодня" ("Нохчийчоь тахана") агенталлина... Читать дальше...