World News in Chechen
Декабрь
2020
20

Новости за 13.12.2020

Radiomarsho.com 

Ахматан кIошт хир ю Соьлж-ГIалин Ленинан кIоштах

Бахархошка хетташ дан йолаелла Соьлж-ГIалин мэри, гIалина чуйогIу кIоштаийн а, яртийн а цIераш хийцар хьокъехь, хаам бо Кавказ.Реалиино. Оцу хькъехь кехаташ дIасадала долийна Соьлж-ГIаларчу бахархошна юкъахь. Цаьрга харжа кховдийна и цIераш, ткъа луучунна аьтто бина шен вариант тIеязъян. Анкетица а догIуш, реза хилар хоьтту Ленинан кIоштах Ахматан кIошт ян, Старопромыслан кIоштах – Висаитовн (Мавлид Висаитов – СССР-н турпалхо), Октябран кIоштах - Байсангуран (Бенойн Байсангур - 19-чу бIешарахь нохчийн тIеман хьалханча а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Казахстан реза яц депутата Никоновс "Оьрсийчоьнан совгIатах" лаьцна аьллачунна

Казахстанан арахьарчу гIуллакхийн министралло нота хьажийна Оьрсийчоьнна, Пачхьалкхан Думан депутато Никонов Вячеслава аьлларг бахьана долуш. Хьалхарчу каналан эфирехь цо дIахьедина "Казахстанан nерритори – доккха совгIат ду Оьрсийчоьно дина долу", аьлла. Казахстанан арахьарчу гIуллакхийн министран гIовса Саздыков Марата шаьш цецдевлла хилар хаийтина, цхьана ханна Оьрсийчьнан Федерацин гIуллакхашкахула векал  волчу Комаров Александре, Никоновс шайн республикан территорех лаьцна дийцинарг бахьана долуш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Америкехь Covid-19 дуьхьал вакцина тоха йолор ю Америкехь

Pfizer / BioNTech компанино коронавирусна дуьхьал йинчу вакцинин хьалхара жут дарбан хIусамашка кхачор ду Америкаехь оршотан дийнахь. Цхьаьнатоьхначу Штатийн администрацино пIераскана сарахь бакъо елла ца хуьлчу ца даьлча иза лело. Оццу хенахь Америкерчу масс-медиа гIирсаша хаам бо, Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь COVID-19 хьакхаяларна цамгарш чIагIйелла беллачу нехан терахь 300 эзаре кхаьчна хилар. Вакцина кхолла а, иза дIакхачо а Iалашо хIоттийна Трампан администрацино кхоьллинчу "Озал тӀех масалла"... Читать дальше...