World News in Chechen
Февраль
2021
28

Новости за 13.02.2021

Radiomarsho.com 

Магасехь митингехь хиллачарна тIехIоттарна гIуда тоьхна гIалгIайн муфтийна

1еламнехан кхеташонан декъашхоша федералан Iедалхошка лурчаха хиллачу протестийн лидерш маьршабахар дехарна, ГIалгIайчуьрчу Магасан кхело гIуда тоьхна мехкан муфтийна Хамхоев Iийсана. "Интерфакс" агенталло бина цунах лаьцна хаам. Адвоката Оздоев Мохьмад-Бесира бахарехь, динан дайша ГIуран-баттахь дIаяьхьна кхеташо, бакъо йоцуш хIоттийна гулам лерина, цундела жоьпалла муфтийна тIе а дожийна, цунах 10 эзар сом гIуда хьарчийна. "Низамо магош ду гуламаш хIиттон, цигахь гулбелларш бIенне кхочуш бацахь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Телеграм-чатан шина модераторна тIе ца битина адвокаташ кхеле бевлла

Нижний Новгородехь лаьцна Нохчийчу валийначу телеграм-чатан модераторийн Исаев Исмаилан а, Магамадов Салехьан а ши адвокат кхин царна тIе ца витина, дIавахна махкара. Оцу юкъанна кхеле латкъам бина цара, шаьшиммо Iалашван тIелаьцначу шинца цхьанакхетар ца хилийтарна,яздо "Кавказский узел" агенталло. "Нохчийчуьра дIаваха адвокаташ Алексеев Марк а, Немов Александр а. Де хьалха кхозлагIа адвокат Бадаев Ваха юкъавеара оцу гIуллакхна, амма цуьнан а аьтто ца баьлла изоляторе кхача. Нагахь санна, иза царех кхетахь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь вирусах кхелхина 32 дархо. Ун даьлла 756 стагана

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь динчу зерашца, коронавирусах кхелхина 32 дархо. Вирус гучуяьлла кхин а 756 вахархочуьнца. Эпидеми ца яржийта Iалашонца вошахтоьхначу оперативан штабан статистикаца, Краснодаран кIоштахь велла COVID-19 вирусах 17 стаг, Дагестанехь - 6, Ставрополан махкхаь - пхиъ, Адыгейхь а, ГIалмакхойчохь а шишша стаг велла. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла уьнах 7 420 дархо. Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах тIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца, Ставрополан кIоштахь - 198 стаг. Читать дальше...