World News in Chechen
Март
2021
14

Новости за 21.03.2021

Radiomarsho.com 

Дуьненаюкъарчу могашаллин цхьаьнакхетаралло гIодийр ду ХьаьжцIа бахнарш коронавирусах Iалашбеш

Дуьненаюкъарчу могашаллин цхьаьнакхетаралло (WHO) шен официалерчу сайтехула хаам баржийна ша 2021-чу шарахь гIодийр ду баккхий барамаш дIабахьа леринчу Малхбалерчу пачхьалкхашна COVID-19 цаяржийта бечу балхаца, шайлахь бусалбанийн ХьаьжцIа бахар а долуш, аьлла. "Алссам адамаш гуллучу барамаша лакхабоккху COVID-19 цамгар яржарна болу кхерам. Оцу барамаша аьтто ло Дуьненаюкъарчу могашаллин цхьаьнакхетараллина, мехкашна юкъарчу медицинан низамашца а догIуш, пачхьалкхашна медикийн коьрта потенциал чIагIъян"... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Вашингтонера цIавехна векал дIакхаьчна Москва. Бахьана - Байдена Путинна аьлларг

Хьалхо Москва консультацешка кхайкхина хилла Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкара векал Антонов Анатолий дIакхаьчна. Оьрсийчу. Шереметьево аэропортехь Нью-Йоркера схьакхаьчна дипломат ца хIоьттина журналисташца къамел дан. Ша Америкера схьавалале динчу дIахьедарехь Антоновс аьлла, "Iан мел веза Iийр ву" ша Оьрсийчохь, "дуккха болх бу бан безаш цхьацца урхаллашкахь", амма ца хаийтина муьлхарш ю юьйцурш. Векал консультацешка Москва кхайкхина хилар хаийтира Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

БуьритIера схьаваьлла стаг ву Беларусан президент Лукашенко Александр хийца тарлучу нахалахь

Лукашенко Александра, ша Гродно кIошта вахана волуш, хьахийна Беларусин президентан дарже шел тIаьхьа хIитта тарлуш болчу даржхойн цIерш - шиннан цIе ю яьккхинарг. Цхьаъ ву царех Къилбаседа ХIирийчуьра схьаваьлла Беларусан милицин инарла-лейтенант, хьалха чоьхьарчу гIуллакхийн министр хилла Караев Юрий. 27 шарахь пачхьалкхан коьртехь Iачу Лукашенкона стохка дуккха а бахархоша дуьхьалъехира протестан акцеш, уьш ницкъаша дIалакъийра, и дерриг а юьхьаръэцначух тера ду цо - "Молочный мир" фирмерчу белхалошца къамел деш цо элира... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Европан Барто Оьрсийчоь кхойкху "Новая газетана" Нохчийчуьра кхерамаш тийсар сацадайтаре

Европан Барто Оьрсийчоь кхойкху журналистана Милашина Еленина Нохчийчуьра туьйсу кхерамаш совцабайтаре. Европан арахьарчу политикан урхалло (EEAS) шоьтан дийнахь, Зазадоккху-беттан 20-чохь, динчу дIахьедарехь «Новая газетана» а, цуьнан журналисташна а кхерамаш тийсар дитийта деза аьлла. Нохчийчохь кхел а йоцуш адамаш хIаллакдарх йолчу Милашина Еленин артиклера информаци таллар хьоху цо Москвана. Европан дипломаташа динчу зераша билгалдоккху Милашинан талламаша Нохчийчохь адмийн бакъонаш диллина... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Пригожина ша гIодийр ду аьлла Кадыров Рамзанна "Новая газетаца" дерг цхьалхадоккхуш

Оьрсийчоьнан президентан уллера доттагI а, цунна "кхача кечбийриг" а ву олучу бизнесхочо Пригожин Евгенийс кехат дахьийтина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане, республикехь кхел а йоцуш нах хIаллакбарх бина талламаш зорбане баьхначу "Новая газетаца" иккхинчу девнан цхьалхе йоккхуш ша гIодийр ду, аьлла. Пригожина шен куьг буха а дуьллуш яздинчу, Кадыровс социалан машанехь довзийтинчу кехато боху, журналисташа "бехдо сий, божабо мах" Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу полкан, иза "могуьйтийла доцуш, зуламе" ду. Читать дальше...