World News in Chechen
Октябрь
2021

Новости за 08.10.2021

Radiomarsho.com 

Нобелан машаран совгIат делла Муратов Дмитрийна а, Ресса Марияна а

Нобелан машаран совгIатан лауреаташ бевлла "Новая газетин" коьрта редактор Муратов Дмитрий а, Филиппинашкара журналист-талламхо Ресса Мария а.   Нобелан комитето дIахьедарца, журналисташна совгIат дина "демократин а, машаран а буха тIехь лаьтта дешан маршо Iалашъярехь къахьегарна". Норвегерчу Нобелан комитетан куьйгалхочо Рейсс-Андерсен Беритас, лауреатийн мах хадош аьлла хIара дешнаш: "Ша кхолладеллачу 1993-чу шарахь дуьйна схьа "Новая газето" зорбане яьхна коррупцина, полицино ечу гIелонна... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Абдурахманов Тумсона политикан тховкIело елла Швецехь

Оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона политикан мухIажаран статус елла Швецехь. Блогера бахарехь, ялх шо а дара иза Iедалхойн сацаме ладоьгIуш волу. Цул хьалха шина пачхьалкхехь тIе ца лаьцнера иза

Radiomarsho.com 

Кадыровга ша цIайитар доьху нохчийн жигархочо

Германехь ехачу Ичкерин Iедалан жигархочо Мицаева Рубатис видеокхайкхам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане. Даймахка цIаерза цуьнга пурба дехна цо шена

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан синбахамаллин министр хIоттийна Кадыровн йоккхаха йолу йоI

Мехкан культурин министр хIоттийна Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоккхахйолу йоI. 22 шо долу Кадырова Iайшат министр хIотторах хаамбина шен инстаграмерчу аккаунтехь регионан парламентан спикера Даудов Мохьмада. "Нохчийчоьнан Парламентан депутатийн цIарах а, сайн цIарах а даггара декъалйо сайн хьоме ВЕШИН ЙОI Кадырова Iайшат Рамзановна Нохчийчоьнан синбахамаллин министр хIотторца!", - яздина Даудовс. Нохчийн хьаькамана хетарехь, "похьме, креативе куьйгалхо, балхана тIера йолуш, башха вовшахтохархо ю" Кадырова Iайшат. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шемара бераш цIа далорца хьарамлонаш лелийна аьлла, шеконаш ю "Кадыровн бакъонашларъярхочух"

Дагестанера яхархо Эрэжебова Дженнет а, кху шеран Зазадокху-баттахь кхелхина Нохчийчоьнан куьйгалхочун цIарах адамийн бакъонаш ларъечу Кхеташонан декъашхо Саратова Хеда а йоьзна хила тарло, Шемара а, Иракъера а бераш цIадалорца лелийначу хьарамлонашца. Масех шарахь Эрэжебовас а, Саратовас а ахчанаш гулдеш хилла бераш цIа далон, амма оцу юкъанна билггал беш болх ца хилла цу тIехь, чIагIдо РЕН ТВ телеканало. Карарчу беттан 7-чохь канало репортаж арахецна, ХIинжа-ГIалахь дIаяьхьначу лерринчу операцех лаьцна... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Талибанан" урхаллин "керла хатI": маж яшахь – набахтехь

ОвхIанистанера божарий хуьйцуш бу дахаран кепаш пачхьалкхехь шен урхалин керла мур болош йолчу "Талибанца" (Оьрсийчохь магийна йоцу организаци – редакцин билгалдаккхар) цхьаьна. Юхаеъна юьхь тIехь чо лелон беза зама – ца лелабахь, таIзар дийр ду. Мажош яшар доьхкуш арадаьллачу омрано ахча доцуш битина парикмахераш. Уггаре аттаниг - етта тарло маж яьшначунна, амма кхосса тарло набахти чу а, яздо Азаттык Радионо. 20 шо хьалха мехкан коьртехь луьралла гойтуш лаьттина "Талибан" ша карарчу хенахь нахаца лараме хьийзаш гайта гIерта... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нобелан машаран совгIатан лауреаташ хилла Муратов Дмитрий а, Ресса Мария а

Нобелан машаран премин лауреаташ къастийна "Новая газетан" коьрта редактор Муратов Дмитрий а, Филиппинашкара журналист-талламча Ресса Мария а. Свобода Радион сервисо бина и хаам. Кху шарахь оцу совгIате сатесна яра 95 юкъаралла а, 234 стаг а, вара царлахь Оьрсийчоьнан оппозиционер Навальный Алексей а, Беларусин оппозицин векал Тихановская Светлана а, Швецера экожигархо Тунберг Грета а. Кандидатийн доллу тептар къайлехь латтош ду, и зорбане даккха тарло 50 шо даьлча. Премин барам бу 10 миллин шведийн кронаш (цхьа миллион сов долларшкахь). Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Абу-Дабехь лата кечлучу Чимаев Хьамзатана гIортор йина Нурмагомедов Хьабиба

UFC-н хиллачу латархочо Нурмагомедов Хьабиба гIолаьцна нохчийн спортхочун Чимаев Хьамзатан, Китайрчу латархочуьнца Цзинплян Лица иза лата кечлучу юкъанна. "Чимаевс толам боккхур бу аьлла, хета суна. Суна ца хета, Хьамзатан прессинг, латар, грэпплинг а оцу кIанте [Цзинлян] сацалур ю аьлла", - дIахьедина Нурмагомедовс. Чимаев а, Цзинплян а летар ву UFC-н турнирехь карарчу беттан 30-чохь Абу-Дабехь. Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь нохчийн UFC-н латархочо Чимаев Хьамзата дош делира, дагестанхойн... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Бомбанаш ен кепаш гойту итт сайт дIакъевлина ГIалгIайчохь кхело

Лоьлхуьйтурш муха йо гойту информаци тIехь хилла сайташ дIакъовлар доьхуш, прокуратуро чуелла иск къобалйина ГIалгIайчуьрчу Магасан кIоштан кхело. Интерфакс агенталло бина цунах лаьцна хаам. Юьйцурш муьлха ресурсаш ю, мел йиллина лаьттина уьш, хууш дац. Прокуратурин векало билгалдаьккхина, оцу сайте маьрша вала аьтто хилла, регистраци ян а ца оьшуш аьлла. Сайташ тIехь хилла информаци Оьрсийчохь яржор доьхкуш, сацам бина кхело. Оцу сайташка вуьгучу некъашна а доза тоьхна. Хьалхо хааме даьккхира... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Швецехь тховкIело елла оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона

Оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона мухIажаран статус елла Швецехь. Шен телеграм-каналехь бина цунах лаьцна хаам цо ша. "Европан шина пачхьалкхо суна дуьхьало йинашшехь, Швецин Iедалхоша сацамбина суна тховкIело яла, сайн цаьрга болу ларам дIахаийта лаьа суна", - аьлла Абдурахмановс. Блогеро бахарехь, ялх шо а дара иза Iедалхойн сацаме ладоьгIуш Iен. Швеци кхачале хьалха политикан мухIажаран статус яла дуьхьал хилира цунна Польшехь а, Германехь а, оцу шина а пачхьалкхерчу къайлахчу сервисийн бехк лору цо цунна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Iазапашна тIехула чуеллачу искех Оьрсийчоьнера €3,5 миллион даьккхина ЕСПЧ-кхело 

Лелийначу къизаллашна а, адамалла йоцчу хьелашкахь набахтехь латторна а дуьхьал 2015-чу шарера 2020-чу шаре кхаччалц Оьрсийчоьнан Iедалхошкара 3,5 миллион евро аьрзнаш чукхачийначарна дIакхачон сацамбина Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Оьрсийчоьнан 46 регионера кхаьчна оцу кепара латкъамаш Европан кхелан инстанци. Искаш а, ахчанан барам а дукха болчу пхеа лидершлахь ю - Нижегородскан а, Костроман а, Ленинградан а, Свердовскан а кIошташ, ишта Забайкальск-мохк а. Кху деношкахь Европерчу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьра дIавоьдучу иттаннах ялхаммо  кхерамзалла лоьху

Оьрсийчуьра дIабахначу 64 процент бахархоша шайн дIакхалхаран бахьана ду аьлла, кхерамзаллин меттиг лахар. 54 проценто хьахийна политикан хьал, 51-ммо шайн берийн кхане. "Такие дела" гIирсо бозуш боцчу талламчашца юкъахь динчу зерийн жамIаш ишта ду. Талламан авторша хадийначу мехаца, 2000-чу шарера 2020-чу шаре кхаччалц Оьрсийчуьра эмиграци йина веа миллионна тIера пхеа миллионе гергга бахархой. Нах пачхьалкхера дIаэхар совдаьлла 2012-чу шарахь Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир кхозлагIа куьйгаллехь висича. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь газ иккхина, лазийна нах бу

Веа стагана, шайлахь кхо бер а долуш, кеп-кепара чевнаш йина Кантышево эвлахь газ иккхина. Меттигерчу орцанхойн зерашца, яхначу буса хилла бу бохам, Кантышеверчу нах бехачу цIа чохь.  "Буса 3 сахьт даьллачу хенахь хаам бира тхоьга ГIалгIайчуьрчу Кантышево эвларчу Олиговн урамехь долчу цIа чохь газ иккхина аьлла. Ах тхов боьхна, неIарш а, кораш а дохийна", - яздо ТАСС агенталло Оьрсийчоьнан орцанхойн министраллан пресс-гIуллакххошна тIетевжина. Кеп-кепарчу чевнашца Несарарчу республикан дарбан цIийне кхачийна виъ стаг, царех кхоъ бер ду. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Иза ейтинарш маьрша бисна". 15 шо кхаьчна Политковская Анна йоцу

2021 шеран ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь 15 шо кхаьчна "Новая газетера" журналист Политковская Анна йийна. Редакцехь хIиттийра дагалецаман барамаш, Москвана юккъехь дина иккхина бохам бовзуьйтуш гайтира "Муха йийна Анна" фильм. Оцу зуламца доьзна масех стаг набахте хьажийнехь а, бехктакхаман гIуллакх дирзина аьлла ца хета Политковскаян коллегашна. Зулам дайтинчийн цIераш хIинца а яц яьхна. Ткъа тахана чекхъяьлла низамо бекхамна къастийна хан. Политковская Анна, йина масех герзан чов а йолуш, йийна... Читать дальше...