World News in Chechen
Декабрь
2021

Новости за 13.12.2021

Radiomarsho.com 

Кадыровн йоI 10 шо кхачарца декъалйина меттигерчу министраша а, ансамблша а, ницкъаллин структураша а

Нохчийчуьрчу Iедалан лаккхарчу даржашкарчу наха инстаграмехь флешмобца даздина, республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоьIан Кадырова Ашурин 10 шо кхачар. Цунна тIе тидамбахна Кавказ.Реалиин редакцин. Йинчу денца Кадыровн йоI декъалйина "спецназан" полкан командира а, масех министро а, бюджетан хьукматаша а. Шен йоIан юбилейх лаьцна "ВКонтакте"социалан машанехь яздина ша, республикан куьйгалхочо а, доьшуш а, кIуран Iамош а, денанна а, нянина а бахамехула гIо дарехь цуьнан болу кхиамаш билгал а бохуш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийн мухIажарна Оьрсийчу депортаци ярна дуьхьал акци хилла Венехь

Австрерчу Бельгин векалаллина хьалха цхьалха пикеташ дIаяьхьна нохчийн диаспоран векалша ГIура-беттан 12-хь. Цара кхайкхам бина Оьрсийчуьра мигрант, Нохчийчуьра схьаваьлла Шаваев Турпал-Iела, цIахьажо г1ертар сацадар доьхуш. "Гергарчара а, Турпал-Iелин адвоката а бинчу хаамца, цуьнан 23 шо ду. Дуьххьара Францехь мигрантан статус ехна хилла цо, тIаьхьо дехьаваьлла луларчу Бельге. Суна хетарехь, Шаваевна дуьхьал и гIуллакх долор доьзна хила мега, Оьрсийчоьно дина дехар бахьана долуш", - хаам бина... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шемахь, хIаваан тохарш а дина, чевнаш йина Шишани Муслиман зудчунна а, берашна а

Шемахь ракеташ тоьхча чевнаш йина меттигерчу тIеман командиран Шишани Муслиман (Маргошвили Мурад) зудчунна а, берашна а, хаам бо Кавказ.Реалино, Твиттерерчу Идлиб провинцин ингалсан маттарчу официалан аккаунтана тIе а тевжаш. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан Департаменто террорхойн тептаре язвина волу Шишани эшам ца хуьлуш висна.    ТIечIагIбина боцчу хаамашца, авиатохар динарг ю Оьрсийчоьнан тIеман авиаци. Ракеташ тоьхна Идлибана малхбузехьа йолу Йакубия эвлан адамаш дехачу урамашка. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Сокуров СПЧ кхеташонна юкъарваккха веза, боху "нохчийн бакъонашларъярхоша"

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Iуналла дечу гражданийн юкъаралла кхиоран а, адамийн бакъонашкахула а йолчу кхеташонан декъашхоша, Оьрсийчоьнан президента Iуналла дечу Адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонна юкъарваккха веза аьлла, кхайкхам бина режиссёр Александр Сокуров. Оцу кепарчу инициативица кхайкхам бина Президентан Кхеташонан (СПЧ) гIантдега Фадеев Валерийга, Нохчийчуьрчу СПЧ-н гIантдас Алиев Тимура. "Оцу кепара ларамечу органехь Оьрсийчоьнан хьашташна ямартхо, пачхьалкхана дуьхаьл ойланаш йолу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Серпуховехь эккхар хилла монастырехь. Чевнаш хилларш бу

Подмосковьехь Серпуховерчу зударийн монастырехь эккхар хилла. "Интерфаксо" а, ТАСС а агенталлаша хаам барехь, эккхийтар дина меттигерчу вахархочо. Baza зорбан-гIирсо яздарехь, эккхар хилла православин гимназин неIарехь. Цкъачунна болчу хамца, чевнаш хилла ву 7 стаг, шайна юкъахь 15 шо долу кхиазхо а йолуш. Иза дарбан хIусаме кхачийна. Дуьххьара хаам бинера куьйга йина эккхийтар гимназе еъна волу кхиазхо кхелхина аьлла. Baza-но яздинера цуьнан когбаьккхина аьлла. Амма тIаьхьо, "Интерфаксан" хьастано и хаам нисбира... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Беларусехь "спецназо" горахIоттийна политикан жигархочун 56 шо долу нана

Беларусехь лаьцна, бехктакхаман гIуллакх долийна ша хьийзорна кхоьруш махкара дIавахначу политикан жигархочун Халилов Романан нана,хаам бо Радио Свобода-н портало. Болчу хаамца, белоруссийн "спецнац" чуиккхина Полоцк гIалахь 56 шо долу Ахтиян Гаянэ ехачу петарна. Некъ а кагйина, горахIоттийна зуда ницкъаллин структурийн белхахоша. ХIуасамах хьажначул тIаьхьа Ахтиян лаьцна 10 денна, Iедалан векалшна дуьхьало ярна аьлла. Иза дIайигна Минске низамдохийнарш латточу Изоляцин центре. Билгалдаккхарехь... Читать дальше...