World News in Chechen
Ноябрь
2022
5
6
7
10
13
17
19
26
27

Новости за 21.11.2022

Radiomarsho.com 

ГИБДД-н инспектор вийначун гергарнаш лечкъийна Нохчийчохь ницкъахоша

Тахана Соьлжа-ГIалина юккъехь ГИБДД-н инспектор вийначу жимачу стеган гергарнаш лечкъийна ницкъахоша Нохчийчуьрчу БухIан-Юьртахь. Niyso телеграм-канало шайн хьасташна тIе а тевжаш чIагIдарехь, вуьйцург Закриев Мовсар ву. Дагадоуьйту, тIелатар Соьлжа-ГIалахь кварталан маьждигехь Iьйранна 11 сахь даьлча дина. Официалерчу хаамашца, ламаз дечу юкъанна вийна ницкъахо, тIаккха вада гIоьртича тIелеттарг вийна. Закриевс ГИБДД-н лахара лейтенант Джамалов Джабраил вийна бохуш йаздо Baza телеграм-канало. Инспекторера герз схьа а даьккхина... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ДПС-н инспектор вийна Соьлжа-ГIалахь. ТIелеттачунна герз диттина

Соьлжа-ГIалахь кварталан маьждигехь вевзаш воцчо ДПС-н инспектор вийна, тIелеттарг оцу меттигана уллехь герз диттина вийна. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин редакцига Нохчийчоьнан низамлардаран органашкарчу хьостано хаамбина. Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграмерчу каналехь дийцина ма-хиллара, ламаз дечу юкъанна тIекхетта иза ницкъахочунна. Вада гIоьртича вийна бохуш дуьйцу. "Карарчу хенахь полисхоша зуламхочун гIоьнчаш хила мегарш лоьху, иштта зулам даран бахьанаш а", - дIахьедина Кадыровс. ТIечIагIйина йоцучу информацица... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ТIамехь йохийначу петарна тIехула 10 шарахь кхеле йуьйлу Нохчийчуьра йахархо

Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш йохийначу шен петарна меттана керла хIусам йалар доьхуш 2000-чу шерашкахь дуьйна кхеле йуьйлу Соьлжа-ГIалара йахархо Денисултанова Зура. Европан адамийн бакъонехула йолчу кхелехь оцу гIуллакхехь толам баьккхина цо, амма Соьлжа-ГIалин мэри реза йац 2011-чу шарахь цунна хIусам ло аьлла бина сацам кхочушбан.  ГIуллакхан материалашца а догIуш, Денисултановин петар 1995-чу шарахь йохийра. 1999-чу шарахь керлачу хIусамна ордер йелира цунна, амма Москва шена дарба дан и новкъайаьлча, цу чу кхин нах хийшийра. Читать дальше...