World News in Chechen
Март
2023
4
5
12
18
19
26
31

Новости за 21.03.2023

Radiomarsho.com 

Актерна Дебишев Тимурна тIехь ницкъбарна гIуллакх ца долор низамехь лерина Соьлжа-ГIаларчу кхело

Соьлжа-ГIалин Старопромыслан кIоштан кхело низамца догIуш лаьрра, полисхоша шена тIехь ницкъбина аьлла нохчийн актера Дебишев Тимура дина дIахьедарна тIехула гIуллакх долон дуьхьал хилар. 13-зза дуьхьало йеш сацам бинера талламхоша – "Iазапашна дуьзьало латтон Команда" гIитира и сацамаш къийса.  Кавказ.Реалиин сайте бакъоларйархоша дийцина ма-хиллара, ницкъа а беш, хIуманаш лечкъош, полисхой шайн бакъонел сов бовларна тIехула луьстуш бара и латкъам Нохчийчухула йолчу Талламан комитетан урхаллин... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Германехь синагогина тIелатар кечдарна бехке хетта волу нохчо бехказаваьккхина

Нохчийчуьра Байсагуров Зелимханан цIарах Германехь кечдан долийна бехктакхаман гIуллакх сацийна. Цигарчу Iедалан шеконаш йара, 2020-чу шарахь Байсагуровс Берлинерчу синагогина тIелатар дан кечам барх. Иза дуьйцу "Вайфонд" нохчийн бакъоларйархойн цхьаьнакхетаралло. 2020-чу шарахь дечкен-беттан 14-хь Берлинерчу синагогина зулам дан кечбеллачарех тера хетта, Нохчийчуьра йалх вахархо дIалецира. Цуьнан бахьана кегийрхойх цхьаннан телефон теллича, полисхошна карийна тоьшаллаш дара, аьлла дийцира Германерчу зорбанаша. Читать дальше...