World News in Chechen
Июнь
2023
2
3
4
7
9
10
11
17
18
23
24
25

Новости за 21.06.2023

Radiomarsho.com 

Эзарнаш наханна зен дина дистичу хино Къилбаседа ХIирийчохь

Къилбаседа ХIирийчохь хи дистича зенаш хилла коьртачу гIалахь а, йарташкахь а. Бохам хиллачу кIошташкахь 400 сов доларчу цIеношна а, 30 петарийн гIишлошна а зен хилла. 17 вахархочунна эвакуаци йина, беллачех хаамаш бац.

Radiomarsho.com 

Кадыровн 20 шо долчу йоIана "медицина  кхиорехь къахьегарна" мидал йелла

Кадыровн кхозлагIчу йоIана Кадырова ХутIматна республикин лаккхара совгIат делла - Кадыров Ахьматан цIарах мидал. Могушалла ларйаран урхаллин 20 шо долчу кураторо "вуно чIогIа къахьегна мехкан медицина кхиорехь", элира республикин зорбанан министро Дудаев Ахьмада. И къахьегар стенца доьзна ду - хьаькамо билгал ца даьккххира. "Шен сийлахьчу цIийнан йуьхь ларйеш схьайогIу иза" йаздина Дудаевс Кадыровн йоIана мидал йаларах йолчу шен постехь.  Хьалхо Кадыров Ахьматан цIарах мидалш йелира ХутIматан... Читать дальше...