World News in Chechen
Сентябрь
2023
2
3
9
10
14
16
17
22
23
24
26
30

Новости за 13.09.2023

Radiomarsho.com 

Терроран артиклашкахь 7 шераш кхайкхийна Нохчийчуьра бахархошна. ГIуллакхца харцонаш лелийна боху адвокато

Нохчийчуьра бахархой бехкебина гIаттамхойн тобана йукъахь дакъалаца кечамбарна а, бакъо йоцуш герз а, тIеман гIирс а латторна а, динца йолчу гамонца стаг вер вовшатохарна а. Мехкан Лакхарчу кхело тIечIагIдина Гуьмсан кIоштан суьдхойн таIзар. Бехкебечийн адвокато Дубровина Маринас дIахьедина, бехкаш бух боцуш хиларх. Апелляцин латкъамехь билгалдаьккхина, Баталов Хьусайн герзашца болчу гIаттамхойн тобанехь дакъалоцуш цахилар, материалашца фальсификаци лелийна хилар, ткъа кхелан хьесапаш догIуш дац билггал долчуьнца. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Европан кхело компенсаци йалар тIедожийна Нохчийчохь кадыровхоша лачкъийначу гейна

Адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхело сацамбина Нохчийчохь кадыровхоша лачкъийна хиллачу Лапунов Максимана компенсаци йолуьйтуш.  Цуьнан гомосексуалан ориентаци бахьана долуш республикехь ницкъ бинера цунна тIехь. Оьрсийчоь декхаре йу цунна 52 эзар евро мах охьабилла, сацамбина кхело. Лапуновн гIуллакхехула  бина таллам эвсара бацара аьлла хета ЕСПЧна. Суьдо хьесап дина, адамийн бакъонех а, коьртачу маршонех а лаьтта Конвенцин артиклаш йохийна: 3-гIа артикл (Iазапаш цамагор), 5-гIа (маршонан а... Читать дальше...