World News in Chechen
Март
2024
3
9
17
24
31

Новости за 05.03.2024

Radiomarsho.com 

Кадыровн инарла-майор Висмурадов

Нохчийчоьнан куьйгалхочун накъостана Висмурадов Абузайдана тIеман инарла-майоран чин делла Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. 2021-чу шарахь ЛГБТК+ нахана тIаьхьаваьлла леларна Евроберто санкцеш йаьхна Висмурадовна дуьхьал. Бакъонашларйархошна хетарехь, цо хеттарш деш хилла лецначаьрга, уьш хIаллакбан омра а луш.

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь герз деттар: тIемалой, йа маршонан агIончаш?

Карабулакехь нах бехачу меттигехь Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша 12 сахьтехь тIом бина. Официалан хаамашца, йалх стаг вийна, ницкъахошлахь а, къайлахчу сервисаша чIагIдарца, байъинарш бехке хилла терроризмана; царех кхоъ лоьхуш хилла 2023-чу шеран бIаьста полисхошна тIелатарна. Къайлахчу сервисийн герзаш деттарх динчу дIахьедарх шеконаш йу Кавказера Iедалхойн критикийн.