World News in Chechen

Магасан мэро дарж дитина

ГIалгIайчоьнан коьртачу шахьаран мэран дарж дитина Цечоев Беслана – чекхъялла цунна низамо елла хан. ГIалин кхеташоно тIеэцна оцу хьокъехь сацам, яздо меттигерчу прессо.


«Хьомсара доттагIий! Магасан мэран даржехь тIаьххьара йоза ду ас дийриг. Даима а санна, шуьга ма-дарра олу ас: соьгахь дарж дитарца я дIадаккхарца болу сацам бинарг ву ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Калиматов Махьмуд», - яздина Цечоевс Инстаграмехь.


ГIалин куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдан хIоттийна Марзиев Муса.

Читайте на сайте