World News in Chechen

Нур-Султан: Хасу-Юьртара Угуев Заур тоьлла финалехь

Дагестанан Хасу-Юьртарчу Угуев Заура толам баьккхина Казахстанан коьртачу шахьарахь Нур-Султанехь йоьдучу дуьненаюкъарчу паргIатчу кепан охьатохархойн чемпионатехь.


Шен махкахочо Рашидов Хаьжамурда а санна, финале а ваьлла (57 кийлан категорехь), 13:3 жамIца, йиллинчу хенал хьалха, цо эшийна Туркойчуьра Атли Сулейманту.


ТIьаххьарчу шерашкахь шозза дуьненан чемпион хIуттуш ву Угуев. Ткъа хIинца Олимпиаде лицензи а яьккхина цо.


Хьалхо Маршо Радионо довзийтира Дагестанера спортхо Рашидов Хьаьжмурд охьатохаран оццу кепехь толарх лаьцна.

Читайте на сайте