World News in Chechen

Ливерчу конфликтана юьстах ца висина Кадыров

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана комментарий йина Ливи пачхьалкхехь къийсам дIахьочу агIонашна юкъахь кхийсарш яр сацор хьокъехь динчу хьалхататтарна, яздо Кавказ.Реалиино.


"Иттех шо ду, Малхбузерчу пачхьалкхаша питана а тесна, Ливерчу бахархошна юкъахь тIом боьду. Каддафи Муаммар а, цуьнан доьзал а, эзарнаш ливихой а байина. Пачхьалкх а, юкъаралла а екъаелла ю, халкъо къобалдина куьйгалла дац", - яздина Кадыровс шен Телеграм-каналехь.




 


Ша тешна ву, Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а, туркойн лидеро Эрдоган Реджепа а герз деттар сацаде аьлла бинчу кхайкхамна тIера Ливехь дIадолалур хилар машар а, къепе а хIоттар боху цо.

Читайте на сайте