World News in Chechen

Оьрсийчохь тIаьххьарчу цхьана буса коронавирусан ун даьлла 2558 вахархочунна

ТIаьххьарчу дийнахь-бусий Оьрсийчоьнан 62 регионехь коронавирусан ун даьлла 2558 вахархочунна. 82 регионехь COVID-19 вирус кхеттарг ву хIинца 18328 стаг. Уггар а дукха цомгаш нах билгалбаьхна Москвахь - 1355. Москван кIоштахь - 495. Санкт-Петербургехь ву 121 стаг.


ТIаьххьарчу буса велла 18 пациент. Эпидеми яьржичхьана Оьрсийчохь 148 стаг ву велларг.


COVID-19 пандеми бахьана долуш, Оьрсийчоьнан йоллу регионашкахь карантин ю кхайкхийна. Болх беш яц кафеш а, ресторанаш а. ДIакъевлина дешаран хьукматаш а.

 

Читайте на сайте