World News in Chechen

Азербайджанера 500 гергга Оьрсийчоьнан вахархочун аьтто хилла цIа верза

Некъ а баьстина, Оьрсийчоьнан а, Азербайджанан а доза хадон аьтто баьлла Оьрсийчуьрчу 478 вахархочун аьлла, Магарамкентан кIоштан администрацин зорбанчаша хаам барх яздо "Кавказ.Реалиис".


"Яраг-Казмаляр" цIе йолчу дозанал арахьа йоккхучу тӀера ял йоккху дозанхойн пунктехула дехьабевлла уьш шинарин дийнахь. Дозана тIе бевллачарна дуьхьал баханера Роспотребнадзоран векалш а, лоьраш а. Цара дегIан температура а юстуш, анкеташ хIиттийра. Дозанал арахьара цIа баьхкинчийн дезар ду карантинехь 14 де даккха.


"Леррина йиллинчу коридоран гурашкахь, Оьрсийчоьнан бахархойн дозанехула дуьххьара дехьабовлар дац хIара", - аьлла "Кавказ.Реалии" портале кIоштан администрацин пресс-гIуллаккхоша.


Коронавирусан эпидеми яржарна кхоьруш, Азербайджанца шайн доза дIакъовла сацам бира Оьрсийчоьнан Iедалша Зазадоккху-беттан 17-чохь. ШолгIачу дийнахь дуьйна къевлина бара некъ.

Читайте на сайте