World News in Chechen

ГIалмакхойчохь изоляцин хьал дIадахдина шина кIиранна

Коронавирусах ларлуш, изоляцин хаьл латтор ду ГIалмакхойчохь кхин а шина кIиранах – кху беттан 26-гIа дийне кхаччалц. Иштта хаам баржийна NEWS.ru ресурсо, уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан информацина тIе а тевжаш.


Мангал-баттахь республика пандемица доьзна тоьхначу дозанийн шолгIачу тIегIане елира. Схьайиллира базарш, урамашкара кегий туьканаш, болх бан юьйлаелира юкъара транспорт, хьешан хIусамаш, кхийолу цхьацца фирманаш.



Махкарчу уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Товбецан-беттан 12-чу дийнахь-буса коронавирус хааелла кхин а 33 стагехь, верриг а цомгуш хилларг ву махкахь 2149 вахархо, товелла 1243, велла 27.




 

Читайте на сайте