World News in Chechen

Шен накъост вийначу эскархочунна 8 шо хан тоьхна Нохчийчохь

Нохчийчуьрчу кхело эскархо Ооржак Айдашк 8 шарна набахтехь кхаба сацам бина цо шен декъехь гIуллакх ден салти верна, хаам баржийна ТIеман Талламан Къилбаседа Кавказерчу урхалло.


"Талламо Iорадаьккхарца, 2019-чу шеран Чиллан-беттан 22-чу дийнахь эскархойн рота чохь Iачу меттехь Ооржакан довдаьлла шеца цхьаьна волчу эскархочуьнца. Цигахь хиллачу эпсаро Ооржакна омра дина чуьра аравала. Амма тIаьхьо цо рота Iачу чоьнаш чу а вахана, стоьла тIехь Iуьллу шайн эпсаран тапча схьа а эцна, иза тоьхна шен довхочунна", - аьлла бу "Интерфаксо" бовзуьйту хаам.


Герз кхеттарг велла кхо де даьлча.


Ооржака эскархо вийна меттиг ю Соьлжа-ГIалара 6775-гIа тIеман дакъа.




 

Читайте на сайте