World News in Chechen

Къилбаседа Кавказ: 9 велла уьнах, 453 вахархочунна вирус кхетта

Къилбаседа Кавказехь яхначу буса а, дийнахь а исс пациент кхелхина коронавирусан уьнах, йинчу тесташа кхин а 453 вахархочух вирус хилар къастийна.


Эпидемица къийсам латто вовшахтоьхначу оперативан штабан хаамашца, Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь велла кхоккха дархо, Дагестанехь а, Нохчийчохь а, Адыгейхь кхелхина цхьацца дархо.


Эпидеми чукхаьчхьана велла COVID-19 вирусах Къилбаседа Кавказехь 1 146 стаг.

Керла ун даьлларш алсам бу Ставрополан кIоштахь - 132 стаг:


Ставрополан махкахь+132 (10 741 ву эпидеми яьржичхьана)​

Краснодаран кIоштахь + 89 (10 334)​

ГIалмакхойчохь +70 (3 600)

Дагестанехь +62 (10 334)​

ГIалгIайчохь +24 (4 140)​

Кхарачой-Чергазийчохь+23 (4 732) ​

ГIебарта-Балкхаройчохь+16 (6 305)

Адыгейхь +16 (3 195)​

Къилбаседа ХIирийчохь+15 (4 740)

Нохчийчохь+6 (2 215)


Верриг а Къилбаседа Кавказехь 59 943 ун даьлларг ву.

Ткъа йоллу Оьрсийчохь динчу зерашца, тахана, Товбеца-беттан 21-чу дийнахь 946 976 стагаца къаьстина коронавирус.​

 

Читайте на сайте