World News in Chechen

«Юьртахой ДАIИШ-е ийзорна» 8 шо хан тоьхна нохчочунна

Нохчийчуьрчу Невран кIоштарчу вахархочунна Арсанухаев Эйдина экстремистийн ДАIИШ тобане нах ийзорна набахтехь яккха 8 шо хан тоьхна кхело.


2017-чу шеран аьхка шен кIоштарчу Алпатово юьртара бахархой ДАIИШ-ан могIаршка кхойкхош хилла цо. Иштта хаам баржийна Нохчийчуьрчу ФСБ-н урхаллин пресс-векалто.



Хьалхо Кавказ.Реалиино хаийтира Ростоврчу тIеман кхело терроризманна беке а вина, Нохчийчуьра вахархо Таймусханов Султан 6 шарна набахте хьажорах лаьцна.




 

Читайте на сайте