World News in Chechen

"Кавказ-2020" тIеман Iамораш долийна Оьрсийчоьно

Оьрсийчуьра 80 эзар гергга эпсарш а, салтий а, 1 эзар ГIажаройчуьра, Арменера, Китайра, Беларусера, Мьянмера, Пакистанера эскархой а бу "Кавказ-2020" тIеман Iаморашкахь дакъалоцуш.


ТIеман лаккхарчу хьелашка хIоттийна Къилбаседа Кавказехь авиаци, аннекси йинчу ГIирмехь а, Ростовн, Краснодаран, Ставрополан мехкашкахь Су-27 а, Су-30СМ а кеманаш ду тIеман гIаролехь, яздо «Оьрсийчоьнан газето».


ТIеман Iалашонаш кхочушъян арадаьккхина Каспин хин-эскаршкара 30 хIордакема, яздо "Интерфаксо". Iамораш лаьттар ду кху беттан 26-чу дийнналц.




 

Читайте на сайте